2062-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Сан тӀекхаба дисина шортта марханаш ду. Амма ницкъ хуьлу суна марха кхобуш, чӀогӀа корта лозуш, дегӀехь кӀезиг гӀора долуш, бӀаьрго хьийзар чӀагӀло, ишттачу хьолехь берийн гӀуллакхе хьажар, чуьра гӀуллакх дан хала хуьлу. Кху хьолехь муха хила еза-те? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in TelegramPosts of Нохчийн дешначу нехан кхеташо
2061-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. ГӀаскхийчо хьоршам тоьхча "будь здоров" ала мегий цуьнга? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2060-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зудчо стаге салам далар гӏиллакхехь дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2059-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Бежнийн жижиг, хьакхийн жижиг цхьана чоьнан чохь хьалакхозуш ду, къастийна ду - цхьана агӀора бежнийн, вукху агӀора - хьакхийй, амма цхьана стол тӏехь лелош ду, цхьана херхаца хедош ду, декъар-дарар цхьана дагаршца а, уьрсашца а деш ду. Иштта лело мегар дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2058-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хӏусамда леташ, сий тӏекхийдаш, жимма а долчу хӏуманна тӏехь коча оьхуш, боьха къа деш хилча цӏа яха мегий? Цуьнца кхин ӏен луш яц, чам баьлла. Боьха къинош летош хилча цуьнгахь кхин ӏен бакъо яц олуш хезнера суна. ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2057-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Со шина шарахь сайна лаа а лууш тӀамехь хилла ву контракт яздина, ахча оьшуш. Цул тӀаьхьа хан чекх ма яьлла цӀа вирзина. Амма военкоматас дӏа ца волуьйту со цигара, юха а тӏеман гӀуллакхан схьакхойкху соьга. Ас и тӏе ца лацахь, цхьацца анпалш хир йолуш. Москвахь ПВО болх бан йиш йолуш нисделла, цигахь адамаш дайа ца деза, дронаш атакаш яхь, уьш йохо езаш. Цу хьолехь суна тӏехь къа хир дуй, ас и болх тӏелацахь? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2056-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зуда къайлаха маре яхар муха ду, да а, ваша а, кӀентий а дийна болуш. Да а, ваша а реза ца хилча, уьш реза ца хилла аьлла къайлаха никахь дина цо. И майра схьа а вогӀуш, дӏа а воьдуш маре ду и схьагарехь, хӀинца керла юкъадаьлла вайна юккъехь. Воккхахволу кӏанто шен нене яха лууш елахь, бераш ӏадда а дитий дӏагӏо боху маре, амма иза оцу хьолана реза яц, и майра хила гӀерташ ву бохучуьнца наггахь ган а гуш, шен берашца ӏен лууш ю. Оцу хьолана воккхахволу кӏант реза вац. Къайлаха никахь дар хьарам хилар, иза ирча некъ хиларх лаьцна дуьйцур дарий аша? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2055-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Сайн ахчанах велла волу доттагӏчуьнан цӀарах гӏу яккхийтича, и гӏу мел лаьтта цунна ял хир юй цунах я суна цхьанна хир ю? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2054-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Шен бӀаьрг хилла, юха и бӀаьрг хилларг билгалваьлча, шех бӀаьрг хиллачо ламаз муха эца деза? И бӀаьрг хиллачо ламаз эцна и хи дегӏан тӏе муха кхарза деза? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2053-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Со могуш дӏа лелачу хенахь цхьацца хӀума гучудолу суна. Сайн ткъе цхьана шарчохь ялхазза операци йина ю со. ТӀаьххьара йина йолу кхаа операци юкъахь дукха хенаш йоцуш йина ю. Цхьа хlума дагахь доцучу хенахь хуьлуш ду суна цхьаъ. ХӀунда хила йиш йолуш ду и ала хуур дарий? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2052-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Шарчохь цхьа буьйса ю цамгар охьаюссуш, буса юучунна тlе хlума тоха аьлла хьадис хезна суна. И тlетухуш йолу хlума чекх хlаваъ долуш хила йиш юй я муха хила еза? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2051-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Цхьанна цӏарах гӏу яьккхина хилча мела хьан кхочур бу? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2050-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хьаж-цlа вахнарг АллахIа кхайкхина ву бохург бух болуш дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2049-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Интернет агIонехь дуккха а даьржийна искуственный интеллект а, цунах доьзна долу хIума а Дажжал ду бохуш. И хьежам билгалбеш кхетор варий аша? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2048-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хьехархо хенан воккха вац, цуьнан цхьаболу мутаӀеламаш цул а баккхий бу, тӀаккха а хьалагӏовтта дезий и чувогӏуш? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2047-гIа хаттар: Ассаламу Iалайкум. Зудчунна мегар дуй никъаб йоьхна, хьехам беш видеош яха а, ютуб чу хlитто а? Бlаьргаш бен, хlумма а гуш а доцуш. Иштта цуьнца къамел деш кхиболу, юьхь гуш, зударий хилча, церан яххьаш гойтуш видеош яржо а? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2046-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ии чохь сурт дан мегий, сайн де, сайн вешин ши сурт дӏадахьийтина, цу шина суьртах ул-уллехь волуш шии цхьа сурт де аьлла цуьнга, иштта сурт дайта мегий? ТӀаккха суьртан цӏеналла йоьхна хилча, и сурт цуьнга цӏандайта мегий? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2045-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Со уходовый косметика лелош ю, айса кечъеш юхкуш ю ас уьш. Дуккха а йижаршна пайда баьлла царах. Инстаграм, ватсап чохь болх беш ю со, ши куьг гуш ехна хуьлу сан видеош, тӀаккха сан агӏонан тӏе боьрша стаг волуш, цара язъеш нисло, амма язъеш верг боьрша стаг вуй хиъча жоп ца ло ас царна. Сан агӏо йижаршна лерина ю аьлла язйина ю. Агӏо дӏакъовла ца лаьара суна, дуккха нахана сох бахьана даьлла дарба хилла. Аллахӏана гергахь муха ду-те сан хьал? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2044-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Масала, сан йоккха бизнес ю, ас сайн къийсархочуьнга хотталур боцучу агӀора мах лахбо сайн товаран, тӏаккха царна ницкъ хуьлу и бахьана долуш, мегар дуй и хӏума леладан? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2043-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ша аьлларг бен нийса ца хеташ долу адамаца муха хила веза? Динца, ӏадатца, гӏиллакхца бийца мотт боцуш хилча. Массо агӀора цо шениг дуьйцуш, бидӀаташ лелош хилча. Цо бохучу агӀора дин ца лелийча, чохь жинаш ду олу цо. Ша бохучу агӀора бен нийса ца хета цунна хӏумма а. ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram