2062-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Сан тӀекхаба дисина шортта марханаш ду. Амма ницкъ хуьлу суна марха кхобуш, чӀогӀа корта лозуш, дегӀехь кӀезиг гӀора долуш, бӀаьрго хьийзар чӀагӀло, ишттачу хьолехь берийн гӀуллакхе хьажар, чуьра гӀуллакх дан хала хуьлу. Кху хьолехь муха хила еза-те? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in TelegramНохчийн дешначу нехан кхеташо
📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot 📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho
Average views per post by day
By publication day
Show as table
| Date | Avg views per post |
|---|---|
| Nov 3, 2026 | 450 |
| Nov 7, 2026 | 427 |
Most viewed this month
- 01Views477Forwards—Reactions—Comments—
- 02Views449Forwards—Reactions—Comments—
- 03Views440Forwards—Reactions—Comments—
- 04Views437Forwards—Reactions—Comments—
Latest posts
2061-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. ГӀаскхийчо хьоршам тоьхча "будь здоров" ала мегий цуьнга? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2060-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зудчо стаге салам далар гӏиллакхехь дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2059-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Бежнийн жижиг, хьакхийн жижиг цхьана чоьнан чохь хьалакхозуш ду, къастийна ду - цхьана агӀора бежнийн, вукху агӀора - хьакхийй, амма цхьана стол тӏехь лелош ду, цхьана херхаца хедош ду, декъар-дарар цхьана дагаршца а, уьрсашца а деш ду. Иштта лело мегар дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2058-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хӏусамда леташ, сий тӏекхийдаш, жимма а долчу хӏуманна тӏехь коча оьхуш, боьха къа деш хилча цӏа яха мегий? Цуьнца кхин ӏен луш яц, чам баьлла. Боьха къинош летош хилча цуьнгахь кхин ӏен бакъо яц олуш хезнера суна. ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2057-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Со шина шарахь сайна лаа а лууш тӀамехь хилла ву контракт яздина, ахча оьшуш. Цул тӀаьхьа хан чекх ма яьлла цӀа вирзина. Амма военкоматас дӏа ца волуьйту со цигара, юха а тӏеман гӀуллакхан схьакхойкху соьга. Ас и тӏе ца лацахь, цхьацца анпалш хир йолуш. Москвахь ПВО болх бан йиш йолуш нисделла, цигахь адамаш дайа ца деза, дронаш атакаш яхь, уьш йохо езаш. Цу хьолехь суна тӏехь къа хир дуй, ас и болх тӏелацахь? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2056-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зуда къайлаха маре яхар муха ду, да а, ваша а, кӀентий а дийна болуш. Да а, ваша а реза ца хилча, уьш реза ца хилла аьлла къайлаха никахь дина цо. И майра схьа а вогӀуш, дӏа а воьдуш маре ду и схьагарехь, хӀинца керла юкъадаьлла вайна юккъехь. Воккхахволу кӏанто шен нене яха лууш елахь, бераш ӏадда а дитий дӏагӏо боху маре, амма иза оцу хьолана реза яц, и майра хила гӀерташ ву бохучуьнца наггахь ган а гуш, шен берашца ӏен лууш ю. Оцу хьолана воккхахволу кӏант реза вац. Къайлаха никахь дар хьарам хилар, иза ирча некъ хиларх лаьцна дуьйцур дарий аша? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2055-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Сайн ахчанах велла волу доттагӏчуьнан цӀарах гӏу яккхийтича, и гӏу мел лаьтта цунна ял хир юй цунах я суна цхьанна хир ю? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2054-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Шен бӀаьрг хилла, юха и бӀаьрг хилларг билгалваьлча, шех бӀаьрг хиллачо ламаз муха эца деза? И бӀаьрг хиллачо ламаз эцна и хи дегӏан тӏе муха кхарза деза? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram2053-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Со могуш дӏа лелачу хенахь цхьацца хӀума гучудолу суна. Сайн ткъе цхьана шарчохь ялхазза операци йина ю со. ТӀаьххьара йина йолу кхаа операци юкъахь дукха хенаш йоцуш йина ю. Цхьа хlума дагахь доцучу хенахь хуьлуш ду суна цхьаъ. ХӀунда хила йиш йолуш ду и ала хуур дарий? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Open in Telegram